Слайд 4
Нохчийн Республикан Президентан
Указ
11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
Нохчийн мотт
1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан
законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо.
Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.
Слайд 7«Ненан мотт».
Доккхачу лаьтта т1ехь хазалла лоьхуш,
Сада1ар дицдина, еттарх а йорт,
Хьегаран хьу
елла,,шена т1е воьхуш,
Хиллера ц1ийх боьлла, сан ненан мотт.
Зезагийн техкарехь,, лестарехь диттийн,
Къайленаш соь юьйцуш,ловзарехь х1орд,
Ладоьг1ча шабаршка,бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера,сан ненан мотт.
Иллига бирзича, 1енадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш, кийрара дог,
Кхолабеш, юха а , белабеш б1аьргаш,
Йовхо лург хиллера, сан ненан мотт.
Диканехь я вонехь дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча, хиламийн чот.
Эхь, иман я г1иллакх,доьналла эшча,
Собар лург хиллера, сан ненан мотт.
Ваха а ца оьшу,д1ахаьдча цунах,
Бицбина вехаш верг,ю еса ботт.
И саннарг карор бац,мел лехарх хьуна.
Даймехкан дозалла,сан ненан мотт.