Презентация, доклад Сочинени-ойлаяр Къинхетаме стаг. (ПКЭ кечам)

Слайд 1

Кечйина: нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, Мучураева Раиса Татаевнас. 28.02.2018 ш. МБОУ «Николаевски СОШ»

Йиллина урок. 9 класс ( нохчийн меттан ПКЭ-н кечам бар 3-г1а дакъа,15.3. т1едиллар кхочуш дар).

Урокан ц1е: Сочинени-ойлаяр язъян кечам бар.
«Къинхетаме стаг».


Слайд 2

Эпиграф
« Шен лазар хаалуш велахь и стаг – дийна ву.
Ткъа нехан лазар тосалуш велахь – иза Адам ду».

Слайд 3Урокан 1алашо: - Ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар билгалдаккхар, 1амочу

коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор; -Коьртачу оьздангаллин принципех, массо адамашкахь хила езачу, къамелан культура кхиор.
Урокан 1алашо: - Ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар билгалдаккхар, 1амочу коьчалан шена хетарг алар, аргументаш

Слайд 4 Къизалла
Адамалла
Накъосталла
Догц1ена
Г1айг1а яр
Догъ1аьржа
Сийдацаралла
Къинхетамазалла
Безам
Хьастар
Дералла
Сутаралла
дикалла
Терго
Декхар
Доглазар
Писалла
Хьаг1
Саьхьаралла
Бен цахетар
Шогалла
Са цакхоор
Облако Тегов

КъизаллаАдамаллаНакъосталлаДогц1енаГ1айг1а ярДогъ1аьржаСийдацараллаКъинхетамазаллаБезамХьастарДераллаСутаралладикаллаТергоДекхарДоглазарПисаллаХьаг1СаьхьараллаБен цахетарШогаллаСа цакхоорОблако Тегов

Слайд 5Къинхетамах лаьцна хьекъале дешнаш. Къинхетамечу адамех, Веза Сийлахьчу Аллах1а а бийр бу

къинхетам. Дьненчохь къинхетам ахь бе, Эхартахь къинхетам хьох Цо а бийр бу. (Хадис) -Къинхетам –1алам дезаран а, нийсонан а хьост ду. (Сулейманов А.) -Къинхетам боцург, къиза ву.(Халкъан хьекъал) -Шина тайпа бу къинхетам. Хьалхарниг- синк1езга, догк1еда хилар, нехан вон гича сихха иза дицдан къайлавалар бен, кхин бала пайда боцу. Шолг1аниг – къа а хетта къайла а ца волуш, шен ницкъ кхочург а, цул совнаха а г1о-накъосталла дар. (Сухомлинский В.)
Къинхетамах лаьцна хьекъале дешнаш. Къинхетамечу адамех, Веза Сийлахьчу Аллах1а а бийр бу къинхетам. Дьненчохь къинхетам ахь бе,

Слайд 6Дошам т1е хьовсий вай: Къинхетам- кхечу адамехь,ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар

а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду.
Дошам т1е хьовсий вай:  Къинхетам- кхечу адамехь,ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар а, царах доглазар а,

Слайд 7Дахарехь къинхетам бар: - Мискачу нахана г1о лацар, саг1а далар. Де эшначу

берашна, баккхийчу нахана тайп-тайпанчу бахьанашца аьтту бан хьовсар, шен тоьлла йолу синхаамаш гучуяхар ду; къинхетам – царех цхьаъ бу. -Юкъаметтигаш: гонахарчу адамашца стага бечу къинхетаме хьаьжжина, нахана дукхавеза; дийнаташка бина къинхетам Далла герга вахар ду. -Кхечу адамашка йолу терго: нахаца т1екере волчунгахь адамалла ю. -Корматаллин г1уллакх: адамаллин амалш къеггина гучуйовлу лоьрашкахь,хьехархошкахь. -Доьзалехь юкъаметтиг: ден-ненан бере а, беран дега-нене а болу безам - иза а къинхетаман цхьа хьост ду.
Дахарехь къинхетам бар:  - Мискачу нахана г1о лацар, саг1а далар. Де эшначу берашна, баккхийчу нахана тайп-тайпанчу

Слайд 815.3. т1едилларехь сочинени-ойлаяр х1отторан алгоритм. 1)Д1адолор. Далийначу дашна нийса къастам ло. Хьо

муха кхета цу дешан маь1нах, комментарий йо. 2) 1-чу абзацехь айхьа билгалдаьккхинчун бух т1ехь сочинени-ойлаяр д1айолае. 3)2-чу абзацехь текстера цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш.Цу предложенин терахь д1аязде.(клишех пайда эца). 4)3-чу абзацехь хьайн дахарехь зеделлачух цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш (клишех пайда эца). Шолг1а т1еч1аг1дарехь, къинхетам бохучу дешан антонимаш яло мегар ду: адамаш бен доцуш, дера, къиза а, къинхетамза хуьлу. Иштта хила мегар дац! 5)4-чу абзацехь хьайн сочинени-ойлаяр ерзоран дош даладе(клишех пайда эца).
15.3. т1едилларехь сочинени-ойлаяр х1отторан алгоритм. 1)Д1адолор. Далийначу дашна нийса къастам ло. Хьо муха кхета цу дешан маь1нах,

Слайд 9Нохчийн меттан ПКЭ 15.3. сочиненин клише

Нохчийн меттан ПКЭ 15.3. сочиненин клише

Слайд 10Ц1/б: сочинени чекхъяккха; 15.3. т1едилларан алгоритм 1амае; «Даймохк» (15.3., 3-г1а вар.)

темина сочинени язъе 3-4 дешархочу
Ц1/б: сочинени чекхъяккха; 15.3. т1едилларан алгоритм 1амае; «Даймохк» (15.3., 3-г1а вар.) темина сочинени язъе 3-4 дешархочу

Слайд 11

Рефлекси.

Къинхетамечу стеган билгалонаш:

- доглозуш хилар; (нана п1елг)

-дика хилар; (хьажо п1елг)

-бала кхачар; (юккъера п1елг)

-1алам дукхадезар; (маза п1елг)

-ша ца кхоор; (ц1аза п1елг)

-шениг дитина, дог ц1еначу нехан

г1уллакх дан кийча хилар. (кераюкъ)

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть