Слайд 1«ДЕШНИЙН НИЙСА А, Т1ЕДЕАНА А МАЬ1НА »
Нохчий меттан проект:
ГОСУДАРСТВЕННОЕ БЮДЖЕТНОЕ ПРОФЕССИОНАЛЬНОЕ
ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ "ГУДЕРМЕССКИЙ ПЕДАГОГИЧЕСКИЙ КОЛЛЕДЖ ИМЕНИ С.С-А. ДЖУНАИДОВА"
Слайд 2 Меттан дешнаш (лексика) алсам хууш стаг мел хили, дешнийн маь1наш а,
церан кхолладалар а, хийцадалар а, церан тайпанаш а, маь1нийн башхаллаш а дика хууш мел хили, стаг маттана шера а, мотт дика буьйцуш а хуьлу.
Дешнийн маь1наш цадовзаро, дешнаш цахааро мотт къен хоьтуьйту. XIX-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас
Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна ша язбинчу 1илманан балха т1ехь кху кепара яздина нохчийн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Меттан дешнаш а, церан маь1наш а 1амор доккха маь1на долуш г1уллакх ду.
Слайд 3«Даймахке»
Хьо муха буьйцур бу ас дашца?
Вайн безам 1алашбан дош ма дац,
Сайн
безам ас дашца лелор бац;
Дош дижна, сан безам тарло бац.
Д1аалахь, дош мохо д1ахьур ду,
Кехат т1ехь макхделла довр и ду.
Х1ан-х1а, ас хьо дашца буьйцур бац.
Ца дуьжчу дагна бен д1алур бац
Наггахь, дог д1адижча цо шеца
Д1аоьцу даимна безам а…
Х1ан-х1а, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен д1алур бац!
Слайд 4Белхан 1алашо:
Дешнийн нийса а, т1едеана а маь1на къамелехь а, литературехь
а лелор
Талламан объект: дешнийн нийса а, т1едеана а маь1на къамелехь а, литературехь
Талламан предмет: дешнийн нийса а, т1едеана а маь1на
Таллам д1абаьхьира ишттачу муьрехь:
Цу теманца йолу литература талларца.
И хаттар научни хьолехь муьлхачу т1ег1е т1е кхаьчна а, цунна лерина долу белхаш а талларца а, царах пайда эцарца а.
Дешнийн нийса а, т1едеана а маь1на къамелехь а, литературехь а лелор талларца.
Слайд 5Нохчийн меттан лексика
Лексика грекийн маттара т1еэцна дош ду.
"Лексис" - нохчийн маттахь
ДОШ бохург ду.
Меттан дерриге а дешнех лексика олу.
Шен башхаллица, дешан говзаллица, хьалдолуш хиларца къаьсташ ю вайн, нохчийн меттан, лексика. Цо вайн мотт хазбо, мел к1орга ойла а, синхаамаш а къеггина гайта таро хуьлуьйту.
Нохчийн меттан лексика исбаьхьа а, хьалдолуш а ю.
Слайд 6Дешнийн маьIнаш
Дош олу вай, цхьа мотт буьйцуш долу адамаш дерриг а
кхеташ а долуш йолчу, цхьана х1уманна я ойланна тиллинчу ц1арах.
Слайд 7
XIop дешан ши аг1о ю:
1) аьзнийн arlo;
2) маь1нийн arlo.
Аьзнийн аг1онгахьара
Дош къаьсткъаьсттин
чу аьзнашка а,
дешдакъошка а
декъало, масала,
г1ала боху дош
аьзнийн аг1онгахьара
кху кепара декъало:
г1-а-л-а, г1а-ла.
Маь1нийн аг1онгахьара дош декъало дешан маь1нийн дакъошка: хъе-ха-р-хуо, коре: кор дешан лард ю (орам бу), цуьнан х1умаллин маь1на ду, ткъа -е чаккхе ю, цо меттиган маь1на билгалдоккху.
Слайд 8
Маь1нийн аг1онгахьара дош декъало дешан маь1нийн дакъошка: хъе-ха-р-хуо, коре: кор дешан
лард ю (орам бу), цуьнан х1умаллин маь1на ду, ткъа -е чаккхе ю, цо меттиган маь1на билгалдоккху.
Дешан маь1нийн аг1о а шина кепара ю:
1) лексически маь1нийн аг1о;
2) грамматически маь1нийн аг1о.
Тхуна гена йоццуш куолл яра. Уллорчу куллах а тешам ца хеташ, лаьтта и, к1орнина шога мотт хьоькхуш.
Меттан лексикехь ма-дарра, хийцаза долчу, юьхьанцарчу формехь долчу дешнийн лексически маь1нийн аг1о хуьлу, ткъа грамматически форма хийцинчу дешнийн маь1нийн ший а аг1о а хуьлу: лексически а, грамматически а.
Дешнаш цхьа лексически маь1на долуш а, масех лексически маь1на долуш а хуьлу.
Слайд 9Дешан нийса а, т1едеана а маь1на
Дешан т1едеана маь1на цуьнан коьртачу маь1нех
схьадолуш а, цунах кхуьуш а ду, масала: корта (стеган, тхьамда, хин корта, книжкин корта, масала, м1ара (п1елган, ч1ерий лоьцу, х1ума юу).
Дешнийн т1едеанчу маь1нийн коьрта тайпанаш къастор вай. Дешнийн т1едеана (тардина) маь1на коьртачу декъана шина кепара ду:
1) билгалонаш цхьатерра хиларна
2) х1уманийн вовшашца маь1нийн уьйр хилар бахьана долушХан хене яларе терра, дешнаш а, церан маь1на а хийцало
Слайд 10Дешнийн т1едеана маь1на къамелехь а, литературехь а лелор
Ненан мотт -
иза халкъан дахаран хазна ю. Нохчийн маттах а, халкъан барта кхоллараллех а лаьцна Х1Х-чу б1ешарахь ваьхначу воккхачу 1илманчас, Кавказан этнографа, академика П.К. Услара а, филологически 1илманийн докторша, профессорша: Н.Ф. Яковлевс, Л.П. Семеновс, иштта дуьненахь а воккхачу яздархочо Л.Н. Толстойс а лаккхара мах хадош яздина.
Слайд 11«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу,
нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Л.Н.Толстой
Слайд 12Дешнийн т1едеана маь1на къамелехь вай леладо дукхахьолахь:
Х1илла долчу стагана олу вай:
иза цхьогал ду, иза ц1ен цхьогал ду;
ситтиний, леллий ца волуш, сов к1еда, мела волчунна гомаш-к1орни ю олу;
ницкъ болчу, майрачу стагана ала тарло: иза лом ду, ц1оькъа-лом ду;
т1ах-аьлла а, майра а волчунна олу: иза леча ду я т/ам/аьржа леча ду;
майрачу стагана ала тарло: иза борз ю, иза гила борз ю, иза майра борз ю;
х1уманна б1о ца къажош, юха ца волучу стагана олу: ка бу-кха хьо;
цхьа бен воцуш, ледара хила тарлучу стагана олуш хилла: моша ду;
ткъа хьекъална а, хьуьнарна а ледара волчу, пайде воцчу стагана ала тарло: иза г1аз ю я тодакх ю.
Слайд 13Исбаьхьа суртх1оттош а леладо дешнаш т1едеаначу маь1нехь. Цара мотт хазбеш, маттана
хазалла а, исбаьхьалла а ло
С. Бадуевс шен «1имран» ц1е йолчу дийцарехь кху кепара далийна: дуьненна а исбаьхьалла латто сийлахь малх.
Слайд 14Халкъан барта поэзехь:
Мархашкахь лечкъа дашо малх санна,
Мусостан баьрччехь, базаран кирхьан
к1ел,
Ша лечкъаш яра, тов, ворх1 вешин йиша,
Стигланца ва йозу, ламанца ва керчаш,
Дог1анна язъелла мокха марха ва санна,
Ченан к1ур г1аттийна, 1аьржа бода х1оттийна,
Дерриг дойх къаьстина, хьалха бог1уш бара, тов,
Т1ех маса болу Шихмирзин расха дин.
Слайд 15Халкъан барта поэзехь:
Йочанан мохо идо дарц санна,
Йилбазан мохо некъан чан
санна,
Расхачу дино ша чехка идош,
Вадийна кхиийра и
Ненан жима к1ант Доьдучу Терка т1е хазачу дийнахь.
Слайд 16Халкъан барта поэзехь:
Ассалам /алакум, бос сийна буто Терк,
Дукха вог/у алий,
бехк ма билла суна,
Наггахь бен ца вог/уш, жима хьаша ву со-ма,
Цу элийн эшарах хьо г/ерг/аш доьду Терк,
Элан стун боларахь хьо сетташ доьду Терк,
Хьо дуьйцу ва хезча, к/енташна ма моьтту,
Хударал дуькъа ду, хьаьхьамча ва санна,
Хьо к/ентий лоьцуш ду...
Слайд 17Оьрсийн сийлахь-воккхачу поэта М. Ю. Лермонтовс шен «Мархаш» ц1е йолчу стихашкахь
мел хаза а, говза а пайдаэцна дешнийн т1едеаначу маь1нех!
Стигланан шун мархаш, даиман лиэларш,
Лепачу аренца жовх1аран з1енаха
Йоьлху шу, со санна, махкаха яьхнарш,
Беза-ме лаххьара къилбенан аг1орхьа.
Мила ву те шу лоьхкург? Кхиэл ю те и хилла?
Къайлах хьаг1 ю теша? Гуш оьг1азал ю теша?
Я лиэлаш ю те шу зулам дар дазделла?
Я доттаг1ийн сардамах даьлла д1овш ду теша?
Дац, шуна к1ордийна стом боцу аренаш,
Безам шу бевзаш яц, девзаш яц доглазар,
Даиман шийланаш, даиман маьршанаш,
Бац-кха шу евлла мохк, дац махках йовлар а.
Слайд 18Белхан жам1
Маттахь долу дерриг а дешнаш лексикехь 1амадо. Кхузахь коьрта тидам
дешнийн маь1нина т1е бохуьйту.
Дешан ши маь1на хуьлу: нийса а, т1едеана а.
Вай хьехориг Дош ду.
Дош...Муьлхха а дош - иза дийнна цхьа дуьне ма ду. Ойла йина ца валлал к1орга а, шуьйра а ма ду цхьана дешан маь1на а.
... XIopa дош — баьццарарчу тхинан т1адам бу. Цунна чохь лепа зезагийн, г1абецан басарш, маьлхан з1аьнарш, стигланийн сийиалла, ц1еналла. Цу т1адамах схьаеттало аьхкенан ша-тайпа хьожанаш.
Вай х1о балхат1ахь толлуриг дара дешан маь1на
Таллам д1абаьхьира ишттачу муьрехь:
Цу теманца йолу литература талларца.
И хаттар научни хьолехь муьлхачу т1ег1е т1е кхаьчна а, цунна лерина долу белхаш а талларца а, царах пайда эцарца а.
Дешнийн т1едеана маь1на къамелехь а, литературехь а лелор теллира, масалш даладарца.
Слайд 19ШЕН НЕНАН МОТТ ХАЛКЪО СИЙ ОЙБУШ 1АЛАШБАХЬ. ЦУ ХАЛКЪАН ПАРГ1АТО ЦХЬАММО
А ХЬОШУР ЯЦ»
М.МАМАКАЕВ