Слайд 1Хьехархочун ц1е: Махмудова Айшат Таусовна
Класс: 8 «А»
Терахь: 21. 03. 2017
ш.
Предмет: нохчийн мотт.
Урокан тайпа: Хуучу хаарех пайда эцаран урок.
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, фронтальни болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь,
кехаташ, слайдаш.
УМК: Д. З. Джамалханов, Т. М.
Вагапова, Я. У. Эсхаджиев
Слайд 2Гайтаран диктант
«Даге хьехам»
Хьайн къоман сий ахь кхадахь,
Хьайца бен хьан ойла яцахь.
Хьай
ден-ненан сий деш дацахь,
Хьайн сий дайний хаалахь, дог.
Даймахке хьан безам бацахь,
Цунна даца кийца дацахь.
Дайн г1иллакхаш доцуш дагахь,
Хьо цхьалха дуй хаалахь, дог
(Ахматов В.)
Дешнаш т1ехь болх
Кхада – обрезать, подрезать.
Слайд 3Хабарш меллаша дийца!
Вовшашца г1иллакхе хила!
Д1аса – схьа меллаша ховша!
Урокан кхайкхам:
Слайд 4Урокан ц1е:
Т1едерзар.Т1едерзарехь
1амийнарг карладаккхар.
1алашо:
Т1едерзарехь 1амийнарг карладаккхар. Къамелехь цунах пайдаэца хаар, йозанехь т1едерзар сацаран хьаьркаш нийса х1итто хаар. КПЭ кечам бар
Кхочушдан лерина жам1аш а:
Предметни: предложенешкахь т1едерзар каро а, ц1оьмалг1ашца и къасто а. Т1едерзар хазахетарца олуш делахь цунна т1ехьа айдаран хьаьрк йиллар.
Метапредметни: шайн урокан ц1е билгалъяккха а, книги т1ехь гайтинчу г1ирсах пайда а оьцуш, шайн болх д1анисбан а, вовшашца цхьана болх бан а, ша-ша бан. Деллачу хаттаршна буха болуш (масалаш далош) жоьпаш дала, шайна хетарг д1аала, и нийса хилар т1еч1аг1дан.
Личностни:Шен матте болу безам т1еч1аг1ар.Берийн ойла дешарна т1еерзор.
хаттарарш
Стенах олу т1едерзар?
Муха хуьлу т1едерзарш?
Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттайо?
Слайд 7Бакъонаш йийцаран, мах хадоран критереш
«5» - дешархочунна бакъо хаьа, нийса, хьалха
–т1аьхьалла ган а ца йоккхуш схьаюьйцу, г1алат ца волуш я соцунга а ца еш.
«4» - дешархочунна бакъо хаьа, делахь схьайийцаран хьалха – т1аьххьалла галъяккхина, соцунг1аш а йина.
«3» - дешархочунна бакъо кхоччуш ца хаьа, схьайийцаран хьалха – т1аьххьалла галъяьккхина,1-2 фактически г1алат даьккхина.
«2» - дешархочунна бакъонаш ца хаьа, схьайийцарехь шиннал сов фоктически г1алат даьккхина.
Слайд 8Къега сан сан хьоьца малхаца Даймохк.
Дикалла Нана хьан яц цкъа а
кхачалур.
Дагчохь сан даимна ву хьо доттаг1 вехар сан.
Мукъа хан
«Мукъа хан» йолуш дешархошка паранашца болх бойту
Даймох, Нана, Доттаг1 бохучу дешнашна синквейнаш х1иттайойту.
Слайд 9Къега сан сан хьоьца малхаца Даймохк.
Дикалла Нана хьан яц цкъа а
кхачалур.
Дагчохь сан даимна ву хьо доттаг1 вехар сан.
Слайд 10 Стенца? Хьенан? Х1ун? Муха?
Х1ун до?
Сан Даймохк, хьоьца сан дахар малхаца къега.
Хьенан? Х1ун? Х1ун дийр дац? Маца?
Нана, хьан дикалла кхачалур яц цкъа а.
Х1ун дийр ду? Мила? Хьенан? Мичахь?
Сан доттаг1, вехар ву хьо сан дагчохь даимна!
Слайд 11
Т1едилларан мах хадоран критереш:
«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4» - 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Слайд 12Мукъа хан
Даймох, Нана, Доттаг1
«Мукъа хан» т1едилларан мах хадоран критереш:
«5» -
цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4» - 1-2 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Слайд 13Тобанашкахь болх
Тобанашхь бечу белхан девиз:
«Хьо 1еминий- кхинвер 1амаве, кхинверг 1амош
– хьо а 1ема».
Слайд 14Предложенин
чакхенгахь
Предлодеженин
юккъехь
Предложенин
юьххьехь
Кхо тускар
таллам бе
Предложенин юьххьехь: Доттаг1а, хьалаг1атта, малх кхетта арахь, ма хаза ду вайн кертахь, къаьстина тахна. К1ентий, хилларш, лелларш д1адевлла.
Предлоденин юккъехь: Хьо ца хилча, сирла малх, хаза хир дацара дахар! И вара, х1ай х1орд, хьан илланча.
Предложенин чакхенгахь: Ма мерза ю хьоьца яьккхина хан, хьомсара нана! Ахьа лелориг х1ун ду, ва нана?
Слайд 16«5» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«4» - 1-2
г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Т1едилларан мах хадоран критереш
Слайд 17Текст т1ехь болх
Х1оттийначу суьрте а хьовсий, сацаран хьаьркаш х1иттае.
«Бирдолаг»
Б1е эзар шо хьалха массо экха, олхазар д1атийначул т1аьхьа бен ара дала йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш дисина бирдологаш.
«Баба - хоьтту Бирдолаго, - малх! И х1ун ю - малх! Дийцахьа Баба». «И муха дуьйцур ду жиманиг хьуна. Малх – иза ца гича, хала бу бийца». «Хьуна ца гина и Баба?». «Ца гина к1орни». «Баба суна ган лаьа и хаза малх».
«И схьакхетале дукха дахарг хьуна наб кхетар ма ю». Гой хьуна, луьйш – олуш б1уьйса а чекхъели, малхбале а ц1ийелла. Кестта гучубер бу дашо малх. Амма хьан йиш яц и ган, цуьнан йовхонехах, серлонах пайдаэца. Хьо, дукха дахарг Билдолаг ду»,- аьлла, т1етуьйхира.
Слайд 18
Айхьа хьайна
таллам бе
Б1е эзар шо
хьалха массо экха, олхазар д1атийначул т1аьхьа бен ара дала йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш дисина бирдологаш.
«Баба, - хоьтту Бирдолаго, - малх! И х1ун ю - малх! Дийцахьа, Баба». «И муха дуьйцур ду, жиманиг, хьуна. Малх – иза ца гича, хала бу бийца». «Хьуна ца гина и, Баба?». «Ца гина, к1орни». «Баба, суна ган лаьа и хаза малх».
«И схьакхетале, дукха дахарг, хьуна наб кхетар ма ю». Гой хьуна, луьйш – олуш б1уьйса а чекхъели, малхбале а ц1ийелла. Кестта гучубер бу дашо малх. Амма хьан йиш яц и ган, цуьнан йовхонехах, серлонах пайдаэца. Хьо, дукха дахарг, Билдолаг ду»,- аьлла, т1етуьйхира.
Слайд 19КПЭ кечам бар
Хьекъал оьшу
Автор вовза,
Вовзар оьшу
Автор веза.
З. Джамалханов
экзаменаш
(М.Косумов)
Нохчийн мотт, (1) хьо баха бисалахь, (2)
Тахконза дисинчу аганна.
Ненан мотт, (3) хьо хезчохь бисалахь, (4)
Нана мел езачу берана.
Жоп_______________
А. Айдамиров
Ненан мотт, (1) хьуна т1е тийжаш, (2)
Хьоьца шен г1елалла ялхош, (3)
Хьоьца шайн дог – ойла г1иттош, (4)
Лайна цара и буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг, (5)
Вина мохк, (6) нанас сан хестор.
Хьоьца ду сан велар, (7) велхар, (8)
Дахаре сан болу безам.
Жоп____
Слайд 22Ю. Сулейманов
Сан куьг, (1) мал ма лолахь, (2) нагахь хьо
сацахь, (3)
Деэшна волчунна г1о далур дац соьга.
Сан хьекъал, (4) шорлолахь, (5) хьо готта хьовзахь, (6)
Вон, (7) дикий къесторца кхел ялур яц соьга.
Жоп____
Слайд 23
(Х. Эдильгириев)
Хьаьнга еха ас хьо, (1) сан куралла?
Хьан лакъий хьо, (2)
беза юьхьк1ам сан?
…Сан хилла хьехархой! Дешица кхолуш
Памятник елира сан шуна йилла!
Стиглан марханаш, (3) шу ма ч1аг1а 1еткъа, (4)
Т1етт1а 1аржлуш, (5) те1аш лаьтта т1е!
Жоп_____
Слайд 24
Цхьогал хилла мацделла, (1) дарделла, (2) г1елделла, (3) цхьана а х1уманах
самукъа а ца долуш, шен х1усаман не1аре хиъна 1а, (4) г1еххьа б1аьрса а дайна.
Мацалла техка а техкаш, (5) дуьненна а даръелла йог1у борз шен х1усаман не1аре хиъна 1аш долчу цхьогална т1екхаьчна.
- Салам – маршалла ду хьоьга, (6) сан хьоме доттаг1а, (7) цхьогал!
- Салам – маршалла схьа а оьшуш, (8) цхьогало хаьттира боху:
- Ахь х1ун леладо, (9) хьо лаа – тара араяьллий?
Жоп___________________________________
Слайд 25- Селхана юьртахь барт бина схьадеана со. Хьайна малуъу юьртахь котомаш,
(1) безахь уьстаг1 а баа йиш ю - кха хьан…. Юьрта а г1ой, (2) хьайн гай дуза а дай схьайолахьа,цхьаьна охьохевшина сакъоьруш 1ийр ду вай, (3) – аьлла цхьогало.
- Ахь боккъалла бохий, (4) цхьогал!
- Дера боху – кх. Сан юьртахошца и барт хилла- кх.
- Делахь, (5) яха а г1ой, (6) сайн х1ун хуьлу хьажий со?
Жоп___________________________________
Слайд 26
Цхьана дийнахь юьртахь цхьанакхетта 1аш хилла ши к1ант цхьацца забарш
еш.
Вовшийн хьовзон волийча, (1) Шемила элира боху:
- Хьажахь, (2) Султан, (3) хьо лахь, (4) ма дукха бераш доьлхур ду – кха хьуна т1аьхьа!
- Хаац, (5) Шамил, (6) суна т1аьхьа мел бераш доьлхур ду – дац – м, (7) амма хьо велча, хьуна т1аьхьа хийла и бежнаш 1оьхур дуй - м хаар суна.
Жоп____________
Слайд 27Т1едилларан мах хадоран критереш:
«8» - цхьа а г1алат ца даьккхина т1едилларехь.
«5»
- г1алат даьккхина т1едилларехь.
«3» - 3-5 г1алат даьккхина т1едилларехь.
«2» - 5 сов г1алаташ даьхна т1едилларехь.
Слайд 28
Жам1 дар
Терахийн диктант
Х1аъ (да) - 1
х1ан – х1а – (нет) -0
Слайд 30Мах хадоран
критериш
Терахьийн диктантан мах хадош х1окху критеришна т1етовжа мегар ду:
«5»
- 1 - 2 г1алат
«4» - 3 - 4 г1алат
«3» - бакъонаш карлаяха
Слайд 3235 – 30 - 5 дуьллу
29 - 25 – 4 дуьллу
24
- 15 - 3 дуьллу
1 -14 – 2 дуьллу
Бинчу белхан мах хадоран критереш
Слайд 33Деффинцировани ц1ахь бан болх
1-ра тоба $ 31 1амае, кхочушде 114
шардар.
2 – г1а тоба 5-6 т1едерзарш юкъахь долуш предложенеш х1иттае.
3 – г1а тоба Т1едерзарш юкъахь долуш диалог х1оттае.
Слайд 34Рефлекси
Урок
Тамехь яра
Сингатаме
Бендоцуш
Со урокехь
Болх беш вара (яра)
Садо1уш вара (яра)
Кхечарна г1о деш вара
(яра)
Жам1
Коьчалах кхетта
Сайна хуучулла а алсам хиина
Ца кхетта
Слайд 35Варийлаш, ларбелаш
Ненан мотт сийлахь,
Дог токхдеш бийцарца
Диканехь – вуонехь….
Цу маттахь шу вовшех
Дага
ца дийлахь,
И бицлуш лаьттар бу
Даймехкан сонехь