Презентация, доклад по чеченскому языку Ц1ердешнийн суффиксаш

Содержание

Технологически картаКласс: 5 « Б»Терахь: 23.04.14.Предмет: нохчийн мотт.Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.Урокан тайпа: Довзийтаран урокРаг1: 15 Урокан кеп: Тобанашкахь болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев

Слайд 1Урокан ц1е:
Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.

Урокан ц1е:Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.

Слайд 2Технологически карта
Класс: 5 « Б»
Терахь: 23.04.14.
Предмет: нохчийн мотт.
Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш.

1амийнарг карладаккхар.
Урокан тайпа: Довзийтаран урок
Раг1: 15
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.
УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев
Технологически картаКласс: 5 « Б»Терахь: 23.04.14.Предмет: нохчийн мотт.Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.Урокан тайпа: Довзийтаран урокРаг1: 15

Слайд 3Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):
Предметни (Кхеторан): Ц1ердешнийн суффиксех лаьцна кхетам

балар.
Метопредметни (Кхиоран 1алашо): Ц1ердешнех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш, цхьаллин а, дукхаллин а терахь, ц1ердешнийн грамматически классашца, ц1ердешнийн дажарш, легор. Дешархойн хаарш к1оргдар, шордар. Берийн ойла дешаран т1еерзор.
Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): Шен матте болу безам кхиор.

 
Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):Предметни (Кхеторан): Ц1ердешнийн суффиксех лаьцна кхетам балар.Метопредметни (Кхиоран 1алашо): Ц1ердешнех 1амийнарг карладаккхар,

Слайд 511.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а

шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан
25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо».
Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров

Нохчийн Республикан Президентан Указ

11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман

Слайд 6Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман

сий а
дужур ду. (М. Сулаев)
Метт…. сий, вайн сий ца дайа,
Т1еман лар юьлуьйтуш хийца,
Дитина сий дайша, дедайша! (Кибиев М.)
Матт…. шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.
Матт… вайна 1амадо назманаш ала,1амадо биц ца бан вайн наной, дай. 1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала… (С-М. Гелагаев).
Матт… мух-мухха а хилар (кхечу меттан дешнех иэдеш дийцар)
– мух-мухха а ойлаяр ду: билгалза, гергарчу хьесапехь.
Хьайн матт…. айпаш ца дохуш, хастам а, сий-лерам а д1алоцунна.
Шен махке болу бакъ безам, шен матт… бацахь, маь1на долуш
бац (К. Паустовский).
Нохчийн матт…. хаза а, хьалдолуш а мотт бац, нагахь кхоччуш
дика хууш хьо велахь. (Л. Толстой).

Предложенийн - дожарийн къепе х1иттаде

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий адужур ду. (М. Сулаев)Метт…. сий,

Слайд 7Стенах олу ц1ердош?
Муха хуьлу ц1ердешнаш?
Ц1ердешан маса терахь ду?
Ц1ердешнийн грамматически классах

лаьцна х1ун хаьа шуна?
Ц1едешнийн маса легар ду?
Ц1ердешнийн маса дожар ду?



Стенах олу ц1ердош?Муха хуьлу ц1ердешнаш? Ц1ердешан маса терахь ду?Ц1ердешнийн грамматически классах лаьцна х1ун хаьа шуна?Ц1едешнийн маса легар

Слайд 8Кластер

Кластер

Слайд 9 Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш муха яздо?


Д1аеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочде,

нохчийн матте дохуш.
Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш муха яздо? Д1аеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочде, нохчийн матте дохуш.

Слайд 10Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно

хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал лора воккхачу стага.
Цо им дуьйцура: бук, дуб, липа, ель, береза… муьлха дечигаш ю, они мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, птиц баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура лесник берашна…
Муха хадор дара кортош тIе зеленые генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан друзья!» -- бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа природа дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн жизнь хестош декачу олхазаршна бохам бича?..
Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал лора

Слайд 11Айхьа хьайна таллам бе
Массо а хIуманна духе

кхиа гIерташ, бераша шега дечу хаттаршна, вуно дика кхеташ, сурт хIоттош, жоьпаш лора воккхачу стага.
Цо царна дуьйцура: поп, наж, хьегI, база, дакх… муьлха дечигаш ю, уьш мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура хьуьнхочо берашна…
Муха хадор дара кортош тIе баьццара генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан доттагIий!» - бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа Iаламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

Айхьа хьайна таллам бе     Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу

Слайд 12
Дешан х1оттаман дакъош дагалаца

Дешан х1оттаман дакъош дагалаца

Слайд 13Физминот
Орам а, суффиксан а аг1оьнца – Куьйгаш вовшах тасарца куьйгаш хьалха

даг1ийта.
Шина ораман а суффиксан аг1оьнца – куьйгаш вовшах тасарца хьаладаг1ийта.
Дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца делахь - Куьйгаш вовшах тасарх парг1ат а дохуш охьадог1уьйту.

ФизминотОрам а, суффиксан а аг1оьнца – Куьйгаш вовшах тасарца куьйгаш хьалха даг1ийта.Шина ораман а суффиксан аг1оьнца –

Слайд 14Дагахь хаа деза
Суффикс дешан дакъа ду.

Дагахь хаа дезаСуффикс дешан дакъа ду.

Слайд 15Ц1ердешнийн суффиксаш екъала шина декъе
Дешнийн кеп хийцаран
Дош кхолларан

Ц1ердешнийн суффиксаш екъала шина декъеДешнийн кеп хийцаранДош кхолларан

Слайд 16Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойту
Масала: сара – сараг, ц1а –

ц1елиг,
Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойтуМасала: сара – сараг, ц1а – ц1елиг,

Слайд 17Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло.
Масала: зурма – зурманча, Атаг1а

– атаг1хо
Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло.Масала: зурма – зурманча, Атаг1а – атаг1хо

Слайд 181амийнарг т1еч1аг1дар
Ч1ерийлецархо,
Хьелийозархо
Иччархо
Зурманча
Мангалхо

1амийнарг т1еч1аг1дар Ч1ерийлецархо,ХьелийозархоИччархоЗурманчаМангалхо

Слайд 19 Д1адеша кицанаш Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка

Аьлла…. дети делахь а,

ца аьлла… деши ду.
Дика лула… веш… а тоьлла
Аьхка 1иллина….. 1ай идда.
Сиха…. – сонта, собор – кхета..

Д1адеша кицанаш Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка Аьлла…. дети делахь а, ца аьлла…

Слайд 20
Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка
Аьлларг дети делахь а, ца

аьлларг деши ду.
Дика лулахо вешел а тоьлла
Аьхка 1иллинарг 1ай идда.
Сихалла – сонта, собор - кхетам

Айхьа хьайна таллам бе

Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхкаАьлларг дети делахь а, ца аьлларг деши ду.Дика лулахо вешел

Слайд 21Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.
Ас тахана

дика болх бира, са цхьа
г1алат дацар!
Ас тахана болх бира, амма кхин а дика
балур бу аьлла хета суна!

Суна тахана хало дара, амма ас шорта
къа хьоьгур ду!

4

3

Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.    Ас тахана дика болх бира, са цхьа

Слайд 22«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза

тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а адамашна хуур дац, иза дуьйцуш а, 1амош а стаг вацахь».
«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга

Слайд 23Баркалла!
Аш тахана дика
болх бира!
Х1отт йинарг : Махмудова Айшат Таусовна

Баркалла!Аш тахана дика болх бира!Х1отт йинарг : Махмудова Айшат Таусовна

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть