Презентация, доклад на тему Ненан мотт - жовхIарийн кочар.

Содержание

Урокан ц1е: Ненан мотт – жовх1арийн кочар. 1алашо: буьйцучу меттан силсилан аг1онаш йийцаре яр; адаман дахарехь меттан сийлалла гайтар; шен матте а, махке а, халкъе а безам к1аргбар.

Слайд 1Нохчийн меттан урок


9-г1а класс

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору

нохчийн а, оьрсийн а меттанаш».

Нохчийн Республикин Конституци, 10-гIа статья.


Нохчийн меттан урок 9-г1а класс «Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору  нохчийн а, оьрсийн а  меттанаш».

Слайд 2Урокан ц1е: Ненан мотт – жовх1арийн кочар.


1алашо:
буьйцучу

меттан силсилан аг1онаш йийцаре яр; адаман дахарехь меттан сийлалла гайтар;
шен матте а, махке а,
халкъе а безам к1аргбар.
Урокан ц1е: Ненан мотт – жовх1арийн кочар. 1алашо:   буьйцучу  меттан силсилан аг1онаш йийцаре яр;

Слайд 3Уьн т1ехь:
 
Шен ненан мотт ца хууш верг нана йоцу буобер ду.

/кица /

Шен мотт бийцар сийлахь ду.
Кхечу къаьмнийн мотт хаар а сийлахь ду.
/Халкъан хьекъалера/
 
 

Уьн т1ехь: Шен ненан мотт ца хууш верг нана йоцу буобер ду.

Слайд 4
«Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех

даьхча кхуьй а леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Тхо-м - нохчий, г1алг1ай Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг т1едуха ца даьхкиний тхешан махка, ц1а, карахь-куьйгахь а, т1ехь а доццушехь. Тхо ц1а оьху: Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна».
/ А.Сулейманов/
«Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех  даьхча кхуьй а леш: Даймохккий,

Слайд 5Пенаш т1ехь:

«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».

(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
Нохчийн Республикин хьалхара Президент).
 
« Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий дийр дац…»
/Б. Саидов /
« Кхидолчу къаьмнашна,
Шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу…»
/ Ш. Арсанукаев /
«…Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.»
/ М. Мамакаев /






Мукъам.: « Ненан мотт» илли.
/Дешнаш Ш. Арсанукаевн, мукъам З. Дудаевн /
 

Пенаш т1ехь: «Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт». (Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийн Республикин хьалхара Президент). «

Слайд 6Графопроекторца экран т1ехь схьагойту указ:

Графопроекторца экран т1ехь схьагойту указ:

Слайд 7Нохчийн Республикан Президентан
Указ
 11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
 Нохчийн мотт

1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
 «Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан
законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо.
 Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
 Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.
 
 
 
 
 
 
 
 

Нохчийн Республикан ПрезидентанУказ 11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207 Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура

Слайд 8 Д1адолор (урок д1ахьошволчо).


Де дика дойла шун, хьомсара дешархой!
Таханлера вайн цхьаьнакхетар лерина ду ненан маттана.
Вайн ненан мотт- иза нохчийн мотт бу.
Тайп- тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш,безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне
сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.
Цу сатийсинчеран дегнаш хьостуш указ ду вайна х1инца схьагушдерг.
25-г1а апрель – нохчийн къоман силсилехь (исторехь) дезачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина.


Д1адолор (урок д1ахьошволчо). Де дика дойла шун, хьомсара дешархой!Таханлера

Слайд 9 Iилманчаша ч1аг1дарехь, xlopa к1иранчохь х1окху дуьненахь къоман цхьа мотт леш

бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iep-дахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу. нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа б1е эзар адам къамел дан хууш, и мотт буьйцуш делахь.
Муьлххачу а къоман кханалера де таханлерчу кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Аша буьйцучу маттах, шуна 1амочу г1иллакхех, шун оьздангаллех д1ах1уттур ду вайн халкъ. Шуьга а хьаьжна, аша лелочун мах а хадийна, эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела вайна ч1ог1а оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехьа оцу мехалчу г1уллакхна бух кечбар.

Iилманчаша ч1аг1дарехь, xlopa к1иранчохь х1окху дуьненахь къоман цхьа мотт леш бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна

Слайд 10 Суна хетарехь, и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло

деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех а тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, долуш долу хьал дог хьостуш дац, б1аьрг белош а дац.
Суна хетарехь, и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан

Слайд 11Ага - къоман кхиаран, г1иллакхан бух, кхерчан ладаме цхьа дакъа ду.

Кхетош-кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цунах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а. Дег1ан муьлхха а цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай и дег1. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а х1ума вай д1атасахь, халкъ а хуьлу шен цхьана декъехь, шен сица сакхте. Делахь-х1ета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца 1аш, заь1ап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.
Ага - къоман кхиаран, г1иллакхан бух, кхерчан ладаме цхьа дакъа ду. Кхетош-кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа

Слайд 12Везачу Дала х1ара доллу жил1алам а, адам а ша Лаьтта т1ехь

кхуллучу заманчохь,х1оранна а делла шен-шен сибат, бос,амалш,кхолламаш,иштта х1оранна а белла шен-шен мохк а, бийца шен-шен мотт а.
Шен ницкъ боллушехь – вайх кхин къам кхолла а, вайна кхин мотт бала а, Сийлахьчо вайна дина уггаре а деза совг1ат ду-кх вай нохчий кхоллар а, бийца нохчийн мотт балар а.
Хьо винчу, х1ара дерриг а Дуьне хьуна совг1атна деллачу,хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ – х1ун
хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?

(Ш.Арсанукаевн стихотворени д1айоьшу).
 

Везачу Дала х1ара доллу жил1алам а, адам а ша Лаьтта т1ехь кхуллучу заманчохь,х1оранна а делла шен-шен сибат,

Слайд 13Ненан мотт /Ш.Арсанукаев/.

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт

д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашца, бац атта кхеташ», -
Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.

Ладог1а цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1а, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш – ду ира герз.
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Ненан мотт /Ш.Арсанукаев/.Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.«Сов къен бу дешнашца, бац

Слайд 14Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс

а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.

Б1ешераш хийла д1аихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш,
Даима ша хилла нохчийн мотт бу…

Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, - хьо цхьалха ву!
Мерза бу, моз санна, ша безачунна,Ламанан шовданал ц1ена бу и.Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,Услара даггара хестийна и.

Слайд 15

Дешархошка хеттарш (урок д1ахьошволчо):

- Х1ун оьшу адамана ирсе хила?
/оьшу Даймохк, халкъ, мотт…/.

- Х1ун аг1онаш ю буьйцучу меттан?
/Мерза, оьзда, ц1ена, деган мерз, ира герз/.

Маца хуьлу стаг цхьалха?
/хьалкъаца ца ваг1ахь…/.
Иштта д1.кх. толлу текст.

Кхин д1ахьо урок.


Дешархошка хеттарш

Слайд 16Мотт хаар, сан кхетамехь, урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца 1а. Мотт

xaap - халкъана хьалха д1ах1оьттина, сахьтехь, шина сахьтехь оцу меттан мукъамехь, оьшучохь дош далош, кица далош, дустар далош, нийса предложенеш х1иттош, аз айдеш, аз лахдеш, нохчийн меттан мукъамехь къамел дан хаар ду. Xlopa меттан а ма бу шен мукъам. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладуг1у наха. Иштта диначу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт - нохчийн мотт бу аша бийца а, 1амо а безарг школашкахь. Вайн меттан х1ора дош – х1орда бухахь хьалакхиъна жовх1ар ду. Х1ара дерриге а дуьне кхобучу, ловзочу, нана – х1ордан ницкъ а,саде1ар а шена чуозийна долу, башха жовх1ар.
(Стихотворени д1айоьшу урок д1ахьочо).


Мотт хаар, сан кхетамехь, урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца 1а. Мотт xaap - халкъана хьалха д1ах1оьттина, сахьтехь,

Слайд 17Адуев 1иса « Нохчийн мотт»
Хьоьца ду жовх1арш,

Меттан куц толо,
Бу хьоьца лаца мукъ,
Кховдийнарг къомо.
Велларг а тергалван,
Ду хьоьца марчо,
Муьлххачу т1ег1ан т1ехь
Хилла хьо маршо.
  Нохчийн мотт! Ненан мотт!-
Лам чуьра татол.
Хьан лар ю к1орга 1ин –
Оьздангаллин г1арол.
Хьо бен бац сан аг1о –
Сан куьйга аьтто,
Дог дуззуш сан кийрахь
Нохчалла латто…
 


Адуев 1иса « Нохчийн мотт»    Хьоьца ду жовх1арш,      Меттан

Слайд 18 Ткъа нохчалла кхио х1ун оьшу вайн къомана?


(Дешархойн жоьпаш).
Муьлххачу а къомана уггар ч1ог1а оьшуш дерг – дешар, могашалла,культура,экономика ю.Царех коьртаниг дешар ду.
Дешар - къоман хьекъалан, кхетаман, культурин, хьолан а хьоста ду.
Т1екхуьучу х1ора т1аьхьено 1илма ца 1амийча, цунна ца хаьа шен къоман д1адахнарг, дуьненах хилларг, долуш дерг, шен къоман т1ехиндерг муха кхолла деза а. Дешар ца дешча къоман 1илманчаш, белхан говзанчаш, лоьраш, хьехархой, экономисташ ца кхуьу. Лоьраш ца хилча, къоман могашалла ца ларло. 1илманчаш ца хилча къоман мотт, истори, культура ларлур а яц, культура а, экономика а кхиалур а яц. Дешар ца 1амийча, къам кхетамна б1аьрзе дуьсу.
Кхетамна т1аьхьадисинчу, дег1 могаш доцчу къоме шен Даймохк, халкъан ламасташ, мотт, оьздангалла, къоман сий ца ларло.
Ткъа нохчалла  кхио  х1ун оьшу вайн къомана? (Дешархойн жоьпаш).Муьлххачу а къомана  уггар

Слайд 19Адама мел яккхий лакхенаш, кхиамаш бахахь а цуьнан дахаре болу некъ

шен кхерчара, т1аккха школера д1аболалуш бу, шен дерриге а дахарехь пайдаоьцу цо ц1ахь дас-нанас, хьехархоша школехь 1амийнчух. Ткъа уггар ч1ог1а хаарш лакхадахарехь а, дахаран хьелаш тодарехь а аьтто бийриг мотт бу.

Дийцарехь, 6 оьмарехь вайн эра т1екхачале ширачу Грецехь вехаш хилла хьекъалча Эзоп, басняш кхоллархо. Х1етахь дуьйна грекаша а, римлянаша а шайн баснех «Эзопан баснеш» олуш хилла. Эзопан дахарх лаьцна шортта хьадисаш дисна. Царах цхьаъ дийца лаьа суна шуна.


Адама мел яккхий лакхенаш, кхиамаш бахахь а цуьнан дахаре болу некъ шен кхерчара, т1аккха школера д1аболалуш бу,

Слайд 20Эзоп лай хилла цхьана вехачу грекан х1усамехь. Цкъа х1усамдас аьлла цуьнга:


« Вало базара а г1ой, дуьненахь уггар г1оле йолу х1ума ян».
Эзопа базара а вахана, цигара мотт беана:
« Юй лаьтта т1ехь маттал хаза а,тоьлаш а
х1ума? Матта т1ехь лаьтташ дац шадолу 1илма
а, философи а? Мотт ца хилча х1умма а дан
йиш яц: яла а, схьаэца а, эца а. Пачхьалкхан
низам, бакъо,сацамаш – и шадерг мотт
бахьанехь кхолладелла ду.
Мотт – иза вайн доллучу дахаран бух бу.
Цхьа х1ума дац маттал г1оле»

Эзоп лай хилла цхьана вехачу грекан х1усамехь. Цкъа х1усамдас аьлла цуьнга:  « Вало базара а г1ой,

Слайд 21Т1аккха х1усамдас аьлла:
«Ткъа х1инца дуьненахь уггар вон х1ума ян».
Эзоп базара

вахана, цигара цо юха а мотт беана:
« Х1ун ю дуьненахь маттал вон?
Матто дохьу барт эг1ар, къайлаха бартбар, 1ехораш, летарш, дар-дацарш, хьаг1, т1ом.
Хила йиш юй маттал вон х1ума?»


Т1аккха х1усамдас аьлла: «Ткъа х1инца дуьненахь уггар вон х1ума ян».Эзоп базара вахана, цигара цо юха а мотт

Слайд 22«Мотт ойланан дег1 ду» - бохуш цхьа дешнаш ду-кх вайн, ткъа

и ойла нийса ян, кхеташ хила веза,
вуьшта аьлча, х1уманах кхетам хила беза.
Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто, цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а, и бу цунах хуьлуш болу пайда. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг вочух.


«Мотт ойланан дег1 ду» - бохуш цхьа дешнаш ду-кх вайн, ткъа и ойла нийса ян, кхеташ хила

Слайд 23


Хьехархо:

- Х1ун оьшу

шуна (дешархошна) таханлерчу дийнахь
шайн ненан мотт кхоччуш 1амо?

Дешархошка дуьйцуьйту…






Хьехархо:     - Х1ун оьшу шуна (дешархошна) таханлерчу дийнахь

Слайд 24 Урок д1ахьошволчун жам1:
«Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду

вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш.
Аганара гIаьттича цу кIантана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалладан, масал эца, цаьрга нисвалар Iамош.
Дас халонаш лан, осалниг емалдан, гIийлачун гIо лаца кечван веза шен воI. Иштта вайн нанойн масалш тIехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю».
(Кадыров Рамзан Ахматович,
Нохчийн Республикин Президент)


Урок д1ахьошволчун жам1:«Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера

Слайд 25Дешархочо урок д1аяьхьначунна совг1атна йоьшу Ш. Арсанукаевн «Весет» стихотворенин кийсик.
…Хазнашлахь

хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Нохчийн мотт и – халкъан
Синхазнийн хьоста –
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт, хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха , хьайн весет деш,
К1анте д1ало.

























Дешархочо урок д1аяьхьначунна совг1атна йоьшу Ш. Арсанукаевн  «Весет» стихотворенин кийсик.…Хазнашлахь хазна ю Ненан мотт къоман.Ненан мотт

Слайд 26Дала нохчийн мотт беза а, бовза а, маьрша бийца а

дахадойла шу! Иманехь, исламехь кхуьуьйла шу!

Дала нохчийн мотт  беза а, бовза а, маьрша бийца а дахадойла шу! Иманехь, исламехь кхуьуьйла шу!

Слайд 27ДОКЛАД:

«КЪОНА Т1АЬХЬЕ СИНОЬЗДАНГАЛЛЕХЬ
КХЕТОШ – КХИОР»

ХЬЕХАРХО ЧЕМИРЗАЕВА ЯХА САЙПУДИНОВНА


Грозный – Г1ала
2010 шо

ДОКЛАД:«КЪОНА Т1АЬХЬЕ СИНОЬЗДАНГАЛЛЕХЬКХЕТОШ – КХИОР»ХЬЕХАРХО ЧЕМИРЗАЕВА ЯХА САЙПУДИНОВНАГрозный – Г1ала2010 шо

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть