Девиз:
«Ненан мотт ца хиъча ду
доккха эхь, мало ца еш
шарбе ненан мотт ахь!»
Нана, нана мел деза дош ду хьо!
Нана, нана дуьненан серло хьо ю!
Дахаран ерриге марзо
Хьан ц1арца йоьзна ма ю
Ирсечу бераллехь дуьйна
Мотт 1аморг нана ма ю
Нана, нана мел деза дош ду хьо!
Нана, нана дуьненан серло хьо ю!
Оьздачу маттаца дуьйцуш
Г1иллакхаш ахь 1амадо
Дахаран халонаш йойуш
Хьан т1ома к1елахь тхо ду
Нана, нана мел деза дош ду хьо!
Нана, нана дуьненан серло хьо ю!
Хьо йолуш башха ду дуьне
Шатайпа сирла бу малх
К1едачу хьан куьйгин йовхо
Сан деган пхенашца ю
Нана, нана мел деза дош ду хьо!
Нана, нана дуьненан серло хьо ю!
Дуьненахь малх мел а лепа
Ехийла нана хьо сан!
Сирлачу седанах лепаш
Дахар а хуьлилда хьан!
Нана, нана мел деза дош ду хьо!
Нана, нана дуьненан серло хьо ю!
Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.
Email: Нажмите что бы посмотреть