Презентация, доклад по чеченскому языку на темуНохчийн мотт-халкъан хазна(8 класс)

Супаев Руслан. Нохчийн матте дина до1а. Хьоьца юста хьакъ яра Кавказан лекха,

Слайд 1Тема: «Ненан мотт – халкъан хазна»
Нохчийн маттахь долу хаарш ч1аг1дар;


Нохчийн матте а, литаретуре а болу безам кхиор;
Шайн къам а, Даймохк а беза ойла кхиор;
Къинхетаме а, къинхегаме а дешархой кхетош – кхиор;




Тема: «Ненан мотт – халкъан хазна» Нохчийн маттахь долу хаарш ч1аг1дар; Нохчийн матте а, литаретуре а болу

Слайд 2 Супаев Руслан.


Нохчийн матте дина до1а.
Хьоьца юста хьакъ яра Кавказан лекха, сийна стигала-
Цуьнан малха к1ел хийла а хенан йохалла г1а хец на ахь.
Хьоьца юста хькъа яра Кавказан лаьттан хаз дикалла-
Цьунан басарехь а хийла хенан йохалла ирс эцна ахь.
Дайн и латтий, стигаллий тхан безамаша дузу вовшашца.
Хьо- сан нохчийн халкъан безаман нур, б1ешерашкахьлера аз,
Б1ешерашкахьлерачу цу безаман бакъ стом, ца дужу заз!
Тхайн хьо кхоллархьама 1аламо тхо кхоьллина ду бохийца.
Балхахь, т1амехь, ловзаршкахь сан халкъо б1ешерашца шардина,
Б1аьвнал ч1ог1а, тоьпал нийса, туьран диттал ира ду хьан дош.
Кхакханал я кхерчан ц1арал аьхна хета иллеш халкъана,
Бухахь жаг1а гун и шовда санна сирла, хьан дош дагна товш.
Апарин цу т1улганнийн, хин х1ора тулг1енний вайн кхолламо,
Цхьаьна уьш хилийта, биллина мур боца хета баьхна ас
Сайн иллешкахь. Илли илли дац хьан дешнашца ца кхоьллинарг
Хьоххий, Даймахкаххий волуш, дог иккхина, соцур ду сан аз…
Маьлхан дуьнен чохь мел ду Кавказан латтий стигаллий,нохчой,
Беззашехь сох бисарх, вала да хьан хир ву нана лаьмнашца,
Байлахь буьсур бац хьо, лекъар дац хьан иллийн мерз аьзнаш а.
Буо хир дац сох соьцанна мел ду: дайн стигаллий дайн латтий, хьой.
Х1окху дахаре, хьоь болчу безамо сайн дог а дагадеш,
Хьан дешнашца дийца г1ерта со а сайн дайн латтий стигаллий.
Доьху, хьо дагахь а болуш вахар, валар суна хьаналде,
Нохчийн мотт-сан шира, сирла безам, дахаран деган ц1ий.

Супаев Руслан.

Слайд 3Д1ахьошъерг:
Хаза алало нохчийн маттахь дош. Хаза ду нохчийн маттахь

оьзда къамел. Атта дац дош каро, хьайн деган хазалла, ойла кхечунна д1агайта. Хьан ойланех, къамелах, маттах лулахо кхеташ вацахь, и хьо волчу к1еззиг лестар ву. Т1аккха, шуьшииннан уьйр хир яц, уьйр ца хилча лерам д1аболу, Лерам ца хилча безам хила йиш яц. Адаман сий даррий, безаммий ца хилча нийсо д1айолу. Нийсо д1аяьллачохь, барт хила йиш яц. Т1аккха гучуйолу къизалла, ткъа иза акхаройн амал ю. И ша дерриге а, мотт цахаар ду. Мотт цахаар – акхаройн а, дийнатийн а тобанах д1акхетар ду.
Адамехь болчу лакхарчу кхетамций, хьекъалций, хазаллиций, сийлаллиций йог1уш амал яц къизалла. Нагахь, къизаллех д1ахада адам ойла еш дацахь, цуьнгахь долчу 1илманах а, маттах а пайда бац. И тайпа мотт- 1илма акхарошкахь а, дийнаташкахь а ду, шайн дахаран хьелашка а, 1алашонашка а хьаьжжина, кхин мотт -1илма цара лоьхуш а дац, хьашт цахиларна.
Д1ахьошъерг:  Хаза алало нохчийн маттахь дош. Хаза ду нохчийн маттахь оьзда къамел. Атта дац дош каро,

Слайд 4

Билал Саидов

Зезегин техькарехь,
Лестарехь диттийн,
Къаймнаш соь юьйцуш
Ловзарехь х1орд,
Ладоьг1ча шабаршка
Бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера
Сан ненан мотт
Иллига бирзича
Iенадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог,
Кхолабеш, юха а
Белабеш б1аьргаш,
Йовхо лург хиллера
Сан ненан мотт.
Диканехь я вонехь
Дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча
Хиламийн чот.
Эхь, иман я г1иллакх,
Доьналла эшча,
Собар лург хиллера
Сан ненан мотт .
Ваха а ца оьшу,
Д1ахаьдча цунах,
Бицбина вехаш верг
Ю еса ботт.
И саннарг карор бац
Мел лехарх хьуна,
Даймехкан дозалла
Сан ненан мотт.


Слайд 5Сулейманов Ахьмад.



Ненан мотт.

Воккхаве со хьуна хуучу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш 1амо дезна уьш
Хьуна ца моьттинехь…

Сулейманов Ахьмад. 	Ненан мотт.

Слайд 6Абдулаев Леча

.





Да ваьлла ца волуш,
Да вала ца вуьтуш,
Ког хецна ца болуш,
Т1ам

баржо ца кхуьуш,
Г1амарлахь х1у санна,
Овкъарлахь суй санна,
Бихкина 1илманна,
Бихкина иллина.
Iиллина биллина
Биллина 1иллина…
Абдулаев Леча.Да ваьлла ца волуш,Да вала ца вуьтуш,Ког хецна ца болуш,Т1ам баржо ца кхуьуш,Г1амарлахь х1у санна,Овкъарлахь суй

Слайд 7

Мотт.

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а.
Хьекъале цо йоьг1на лард,
Доккху цо

къайленийн дог1а.
Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.
Амма и харцахьа балахь.
Зуламаш цо дебадо.
Цуьнца вай хастам бо, баг1ахь,
Турпалш а вай хьехабо.
Халкъашна цкъа бакъдерг кховдош,
Цкъа делхош харцонан дерз,
Ду иза – бакъдолчун шовда,
Ду иза – къинойн а герз.
Йоккха ю цу меттан къайле:
Кхоьру со, и малбахь ас,
Тешнабехк цо барна сайна,
Талхадеш сан деган аз.

Сулаев Мохьмад

Мотт.Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а. Хьекъале цо йоьг1на лард,Доккху цо къайленийн дог1а.Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.Амма и

Слайд 8

Айдамиров Абузар.



Ненат мотт.


Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхетам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош!


Слайд 9Рашидов Шах1ид.
мотт.

Ненан Доккхучу лаьтта т1ехь
Хазалла лоьхуш,
Сада1ар дицдина
Еттарх а

йорт,
Хьегаран хьу елла,
Шина т1е воьхуш,
Хиллира ц1ийх боьлла
Сан ненан мотт.

Рашидов Шах1ид. мотт.Ненан Доккхучу лаьтта т1ехь Хазалла лоьхуш,Сада1ар дицдина Еттарх а йорт, Хьегаран хьу елла,Шина т1е воьхуш,Хиллира

Слайд 10Сайн ненан маттахь.
…Даймахках хьегадеш,
Кхолламо сан къам зуьйш,
Сайн ненан маттахь со
Вай Деле

кхайкхина.
Халоно хьовзаварх,
Мацалло со г1елварх,
Сайн маттах,
Сайн къомах
Дозалла ас дина.

Махмаев Жамалдин.

Сайн ненан маттахь.…Даймахках хьегадеш,Кхолламо сан къам зуьйш,Сайн ненан маттахь соВай Деле кхайкхина.Халоно хьовзаварх,Мацалло со г1елварх,Сайн маттах,Сайн къомах

Слайд 11Ахматов Ваха.

Мерза мотт.

Мерза мотт, хьо кхоьллинчо,
Хьо мел тайна кхоьллина,
Хьан хазаллех кхиъначо,
Хьо мел сийлахь лийрина…
…Ахь са т1ома г1аттадо
Маьлха дуьне къагадо.
Хьан беркато токх а во,
Мотт, хьоьца дерг мерза го.
Ахматов Ваха.              Мерза мотт.Мерза

Слайд 12Арсанукаев Шайхи.
Весет.
Нохчийн мотт и

– халкъан
Синхазнийн хьоста-
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Арсанукаев Шайхи.       Весет.Нохчийн мотт и – халкъанСинхазнийн хьоста-Къийсамехь ларбина Массо а

Слайд 13
Шайхи Арсанукаев
Ненан мотт.

Хазнашкахь хазна ю
Ненан мотт къоман
Ненан мотт мел беха,


Къам дуьсу даха
Ткъа нагахь мотт шеен лахь,
Къам лей д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
сийсазво наха
Шайхи АрсанукаевНенан мотт.Хазнашкахь хазна ю Ненан мотт къоманНенан мотт мел беха, Къам дуьсу даха Ткъа нагахь мотт

Слайд 14

Арсанукаев Шайхи.
Весет.
Нохчийн мотт и – халкъан
Синхазнийн хьоста-
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.


Слайд 15

Ахматов Ваха.

Мерза мотт.

Мерза мотт, хьо кхоьллинчо,
Хьо мел тайна кхоьллина,
Хьан хазаллех кхиъначо,
Хьо мел сийлахь лийрина…
…Ахь са т1ома г1аттадо
Маьлха дуьне къагадо.
Хьан беркато токх а во,
Мотт, хьоьца дерг мерза го.
Ахматов

Слайд 16 Вайн къомо ворх1е дайшкахь дуьйна кхоьллина, б1ешерашкахь кхиийна, лерина

лардеш, таханалерчу дийне схьадеана халкъан хаза а, оьзда а г1иллакхаш, ламасташ. Х1ора нохчочун доьзалехь дуьненчу даьллачу берана 1амош, массо а х1уман т1ехь шаьш дай- наной масал хуьлий лаьтташ, т1аьхьено т1аьхьене кхийдош, дуьххьара кхуьучу хьекъалца а, кхетамца а иэсехь ч1аг1деш, х1ора беран ц1ийца- орамца 1алашделла таханлерчу дийне даьхкина уьш.
Вайн къомо ворх1е дайшкахь дуьйна кхоьллина, б1ешерашкахь кхиийна, лерина лардеш, таханалерчу дийне схьадеана халкъан хаза

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть