Презентация, доклад на тему Открытый урок по чеченскому языку на тему ц1ердош карладоккхуш-т1еч1аг1дар (5 класс)

Йиллина урок (5-г1а класс) Коьчалан ц1е: Ц1ердош карладоккхуш-т1еч1аг1дар. Урокан 1алашо: Ц1ердашах 1амийнарг карла а доккхуш, т1е

Слайд 1

Соьлжа-г1алин « №18 йолчу юккъерчу юкъардешаран школан» семинарера нохчийн меттан йиллина урок (2019 шо).

«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт»
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа)

«Халкъо шен ненан мотт, сий ойуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц»
(Мамакаев Мохьмад)
«Бийца мотт а, мохк бацахь, адамех ца олу къам»
(Сулейманов Ахьмад )


Слайд 2 Йиллина урок

(5-г1а класс)

Коьчалан ц1е: Ц1ердош карладоккхуш-т1еч1аг1дар.
Урокан 1алашо: Ц1ердашах 1амийнарг карла а доккхуш, т1е а дузуш, т1еч1аг1дар. -керлачу некъашца,шайн долчу хаарех пайда а оьцуш, дешархошна кхоллараллин белхан хаарш карадерзор;
Карладаха деза:
-дожарш, терахьаш,классаш, легарш, кхолладаларан некъаш, нийсаяздар, синтаксически маь1на.
Хаа деза : -ц1ердош стенах олу, шен билгалонашца текстехь иза схьалаха; -шайна деллачу т1едилларе хьаьжжина, ц1ердешнаш кхолла; -къамелехь ц1ердешнех нийса пайда эца; юкъара а, долахь а ц1ердешнаш къасто а ,уьш маца, муха яздо а; дацаран дакъалг ца ц1ердашца а,чолхе ц1ердешнаш а муха яздо; -оьрсийн маттера т1еэцна ц1ердешнаш муха яздо
-ц1ердешнаш предложенехь муьлха меже хуьлий лела.

Йиллина урок    (5-г1а класс)

Слайд 3Урокан тайпа:
Хаарш

карладохуш- т1еч1аг1даран .











Белхан г1ирсаш: Компьютер, классан у,1амат, тетрадь, ручка,чалтар, кехаташ, суьрташ.и.д1.кх.а.
Урокан тайпа:         Хаарш карладохуш- т1еч1аг1даран .

Слайд 4Урокан белхан коьрта некъаш:
- къамел дар; шишшамма а,ша-ша а, тобанашкахь кхоллараллин

белхаш бар;
- классан уьн т1ехь, суьрташца,чалтарца, дешнашна а, предложенешна т1ехь а болх бар;
-ловзаран кеп юкъаялор.

Белхан мах хадоран критереш .

Ерриге а баллаш 40 ю.

35-39 балл «5» дуьллу;
27-34 балл «4» дуьллу;
21-26 балл «3» дуьллу.


Урокан белхан коьрта некъаш:- къамел дар; шишшамма а,ша-ша а, тобанашкахь кхоллараллин белхаш бар;- классан уьн т1ехь, суьрташца,чалтарца,

Слайд 5 Урок д1ахьошъерг: нохчийн меттан хьехархо

Магамадова Резида Алиевна
Урок д1ахьошъерг: нохчийн меттан хьехархо

Слайд 6 I. Вовшахкхетаран минот
1.Маршалла хаттар.
2.Дешархоша урокана бинчу кечаме хьажар.
II. Дог-ойла

т1еерзор (мотиваци яр)
Хьехархочун дош.
« Дешар –серло, цадешар-бода» (халкъан кица )
2. -Бераш,х1окху кицанан маь1на хьан достур дара? (Маь1на досту берашца цхьаьна).
Дешаро сирлачу дахаре(серлоне) кхачаво,ткъа дешар –иза вай х1ора урокехь схьаоьцуш долу хаарш ду. Дуй? ----Шуна лаьий ткъа кху урокехь шайн хаарш гайтина, вайн кицано бохучу серлоне кхочий хьажа? –
- Делахь, кечло! (Кицанан мах -1 балл)
I. Вовшахкхетаран минот       1.Маршалла

Слайд 7Мини- проектана кечам бар.
-Хьоме бераш, шуна го вайн классан уьн т1ехь

можачу маьлхан гуо а, цунна лаха бухахь цхьана дагна серло латточу зезагех цхьаннан юккъера дог а.-Бераш,вайн маьлхан з1аьнарш яц, т1аккха цо кхоччуш серло а,йовхо а лур яц вайна а, я зезагана а, ткъа уьш ца хилча,вайн зезаго шен г1а-патарш хоьцур дац,ткъа зезагаш оьшуш ду вайн 1аламехь. Цундела, вайн таханлера 1алашо ю,вешан хаарш а гойтуш, цу малхе шен з1аьнарш(серло) схьахецийтар. Х1ора вай ц1ердашах нийса гайтинчу хааро вайн малхана цхьацца з1аьнар т1едилла бакъо ло вайна.Иштта,вайн малхо шен з1аьнарш мел хоьцу а, вайн зезаго а хоьцур ду цуьнан серлонехь,йовхонехь шен г1а-патарш. Хьовсур ду вай х1инца вайн кицан т1ехь аьллачу «дешар-серло» бохучу дешнийн дуьхе вешан хааршца вайн кхача ницкъ кхочий. Вайн «Г1оьнча» билгалваккха шайна юкъахь. Цо болх бийр бу вайн хааршка хьаьжжина,вайн маьлхана з1ьнарш луш.
Мини- проектана кечам бар.-Хьоме бераш, шуна го вайн классан уьн т1ехь можачу маьлхан гуо а, цунна лаха

Слайд 8III. Хаарш лехаме дахар .
Ситуацеш х1иттор. «Караде д1алечкъина ц1ердош»

Дешархочуьнга дехар до (х1уманан ц1е а ца йоккхуш), д1огарниг схьая олий, ткъа дешархочо хатта тарло: «х1ун?
Шолг1ачуьнга а олу иза схьакхайкха , ткъа дешархочо хатта тарло: «мила? Дуккха а нах хилча муха эр дара хотту. Дешархоша ала тарло: «муьлш?»
Жам1 до: Ц1ердош- иза…



III. Хаарш лехаме дахар . Ситуацеш х1иттор. «Караде д1алечкъина ц1ердош»

Слайд 91. Дага а лаций,д1аязъе :
1-ра тоба: Яртийн ( 5

ц1е) 2-г1а тоба: г1аланийн (5 ц1е) 3-г1а тоба: газетийн (5 ц1е) 4-г1а тоба:журналийн (5 ц1е),
Дийца уьш муха язйо. (х1ора т1едиллар-1балл)
2. Чекхъяха предложенеш:
1.Айдамиров Абузар -------- ву . Цо язйина байташ ---------------- 2.«Нохчийн меттан Де» билгалдаьккхинарг ву --------------------- 3. Вайн махкахь уггар а доккха а,ц1ена а хи ду ---------------------- 4. Дукха хан йоццуш ас ешначу киншкин ц1е ю ----------------------- 5.Нохчийчоьнан дешаран-1илманан министр ву -------------------- 6. Дуьххьарлерчу нохчийн меттан газетан ц1е ю ----------------
(х1ора хаттарна 1балл) 3. Дукхаллин терахье даха дешнаш:
жутт, раг1,ност,дарц, х1оз , мукъ ,сий, ботт, борз,1алам,сту, газа, хьоза,ирс, кхокха,етт,чилла,архаш. Х1ора дашна(0,5 балл)
(Толамхо лору хьалха яьлла а, нийса т1едиллар кхочушдина а тоба )

IV. Кхоллараллин болх

1. Дага а лаций,д1аязъе : 1-ра тоба: Яртийн ( 5 ц1е)

Слайд 10Ловзар «Белхий»
- Бераш, хьовсийша,вай долчу хьошалг1а вог1уш хилла цхьа к1ант «Хьекъалча»

ц1е а йолуш. Арахь ког а тасабелла охьакхеттаза виси боху и пекъар. Дукха к1адваларна , лаха чохь садо1уш ву боху иза.Цо ларамза тускар чура 1енийна кехаташ бераша схьа а лахьийна, чудеана.
- Бераш, цу чохь х1ун ду хьовсий вай?
- Бераш,кху чохь-м вовшех иэделла дожарш а, дешнаш а хилла! Вай г1о дан деза оцу вешан хьешана белхи а бина ,иза чувале уьш д1анисдеш.
-Шуна хаьий «белхий» муха бо? Дийца белхий барх а,цуьнан 1алашонах а шайна хуург я хезнарг.
- Сиха схьадуьйла классан уьн т1е х1ора тобанера цхьацца бер.
- Дисинчу тобанерчу бераша шайн тетрадашна т1ехь легадо х1ораммо а х1окхарах цхьацца ц1ердош: мотт, хехо, зама, маьхча . Билгалъяха церан классаш , легарш а къастаде. (Т1едилларца ларийначу тобанашна 5балл ло)
Ловзар «Белхий»- Бераш, хьовсийша,вай долчу хьошалг1а вог1уш хилла цхьа к1ант «Хьекъалча» ц1е а йолуш. Арахь ког а

Слайд 11Ловзар «Зоопаркехь »
1. Еа а тобано, рогг1ана , акхаройн,олхазарийн ц1ерш

йохуш, д1ахьуо «Зоопарк» ц1е йолчу ловзаран гуо. Х1ора керла дош д1адоладала деза хьалха далийначу дешан т1аьххьарчу а элпа т1ера. З1е ца ходуьйтуш д1адахьа деза ловзар.З1е хадийнарг ловзарна юкъара волу. Масала: алкханч-човка-алхаз…
(ловзархой алсам бисинчу тобанна-2балл, вукхарна-1балл.(хан 2минот)
2.Х1ара дешнаш барта д1анисде учебник т1ерачу чалтаран кепехь шайн- шайн классаш чу: 1-ра тоба: Къинхетам, Нийсо ; 2-г1а тоба: Вошалла , Машар; 3-г1а тоба: Доттаг1, Къонахалла;
4-г1а тоба: Оьздангалла, Ирс .
3. Оцу ц1ердешнашна синонимаш даладе. (хан 1 минот)
( Х1ора нийсачу дашна -1балл)

Ловзар «Зоопаркехь » 1. Еа а тобано, рогг1ана , акхаройн,олхазарийн ц1ерш йохуш, д1ахьуо «Зоопарк» ц1е йолчу ловзаран

Слайд 12 Ненан маттах айса язйина байт йоьшу я кехат-пондарца «Даймохк»

я «Ненан мотт» йиш локху дешархошна.



Сада1аран минот

Ненан маттах айса  язйина байт йоьшу я кехат-пондарца «Даймохк» я «Ненан мотт» йиш локху дешархошна.

Слайд 13«Уггар дика кхоллархо»
-Бераш,4-а а тобано х1окху дешнех схьадевлла дешнаш кхолла –хо,-лг,-лиг,-то-лла,-иг,-г1о,-нча,но,-ало,-ам,-

алг суффиксийн г1оьнца.
Г1оьнна дешнаш: зурма,б1ал, Гуьна,болх ,юрт, хьун,хаза ц1а,Бена,Атаг1а,г1орза,Шуьйта,вота, Нохч-Махка, Атаг1а,сара. (Х1ора дашна -0,5 балл)
-Аша кхоьллинчу дешнашкахь йолу суффиксаш маса тайпана ю? -Дийца,кеп хийцаран муьлхарш ю царах ? Х1ун гойту цара? -Шайгара масалш даладе. (Х1ора масална-о.5 балл. Хан-2 минот)
Графически гайта х1ара ц1ердешнаш муха кхолладелла: чулацам,дийцар,т1елатар,хьелийозархо,озабезам, (Х1ора дош-0,5 балл) -Маса некъ бу ц1ердешнийн кхолладаларан? Царна х1оранна а цхьацца масал даладе.
«Уггар дика кхоллархо»-Бераш,4-а а тобано х1окху дешнех схьадевлла дешнаш кхолла –хо,-лг,-лиг,-то-лла,-иг,-г1о,-нча,но,-ало,-ам,- алг суффиксийн г1оьнца. Г1оьнна дешнаш: зурма,б1ал,

Слайд 14«Уггар а дика гочдархо»


Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш ,х1ара дешнаш нохчийн маттахь

яздеш ма-хиллара д1аязде:
1-ра тоба: Метр,копейка,ящик,конфета, печь, фуражка, 2-г1а тоба: пристав,аршин, генерал, ведро, машина, судья; 3-г1а тоба : утюг, газета , стакан, шкаф, книга, тетрадь ; 4-г1а тоба: школа,шифонер,коромысло, форма,голифе,солдат. (Х1ора тобанера 1дош 0,5 балл. Хан-1 минот )
Къовларш д1а а йохуш,4 тобано д1аязъе кхарах цхьацца предложени:
Нехан (ца) тешамал вон х1ума дац.
Шен доттаг1чунна (ца) там бан (ца ) лаьара цунна.
Берзалошка луьра (ца) безам бара жа1уьнан.
(Ца ) кхетамо г1алатло йолуьйту стагера.
Ц1ердешнаш билгалдаха. Дийца, муьлха меже хуьлий лела уьш?
(Х1ора предложенина цхьацца балл ло.Хан цхьа минот)

«Уггар а дика гочдархо»Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш ,х1ара дешнаш нохчийн маттахь яздеш ма-хиллара д1аязде:1-ра тоба:  Метр,копейка,ящик,конфета,

Слайд 15Мини-проект «Дешар-серло»

Мини-проект «Дешар-серло»

Слайд 16Рефлекси.
-Бераш, шуна хаза хийтирий вайн урок?
-Вешан хаарша,дешаро дехин вай кху

урокехь маьлхан серлонга? -Вай даьхна а ца 1аш, зезаг а ма даьккхи вайн дешаро цу серлонга.Нийса хиллий и кица?
- Керланиг х1ун 1еми я девзи шуна кху урокехь? - Ала цунах лаций.
- Хало муьлхачу меттехь х1оьттира шуна ?
- И хало д1аяккха хьан я стен г1о дира шуна?
- Кхин д1а х1ун хуур ду шуна ?
- Уггар а ч1ог1а вайн белхан муьлха кеп хазахийтира шуна?
- Кхин а хила луур дарий шуна вайн таханлерниг санна урок?
- Кест-кеста йийр ю вай иштта урокаш Дала мукъ лахь!!!
Рефлекси.-Бераш, шуна хаза хийтирий вайн урок? -Вешан хаарша,дешаро дехин вай кху урокехь маьлхан серлонга?

Слайд 17Ц1ахь бан болх болх. Белхан жам1аш дар.
- Бераш, таханлера ц1ахь бан

болх хир бу :
«Сан Даймахкахь б1аьсте» ц1е а йолуш жима проект яр.
- Ткъа х1инца , сан диканаш, аша х1ора а тобанан декъашхочо шайн баллаш ягаръеш яра. Шайн жам1аш муха ду довзийта вайна х1ора тобано.
-Аша тахана массара а дика болх бина, доггах къа а хьегна,цундела, г1оранна к1езго хиллачеран а дог а ца дохош, вайн барт толийтича бакъахьа хетара суна-м . Шуна муха хета? Шу реза дуй?
Т1едог1уш «Нохчийн меттан Де» ду, т1аккха суна а лаьа шуна совг1ат дан. Аса тахана шуна массарна а лакхара оценкаш «5»ннаш дохку.
Аса даггара декъал а до шу вайн «Нохчийн меттан Дезчу Денца»!!!
Дала могшалла а,хьуьнар а,ницкъ а лойла шуна вайн ненан меттан к1оргене кхача а, вайн къоман хьакъболу къонахаша а,мехкарша а санна, и вайн мотт-уггар а хьалдолу бахам,шен хазчу куьцехь,мерзачу чомехь шайна т1аьхьа кхуьучу т1аьхьене совг1атна д1абала!!!
Цу т1ехь вайн урок чекхъели.
1одика йойла шун!!!
Ц1ахь бан болх болх. Белхан жам1аш дар.- Бераш, таханлера ц1ахь бан болх хир бу :«Сан Даймахкахь б1аьсте»

Слайд 181одика яр

Баркалла!
1одика йойла шун!
1одика яр

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть