Презентация, доклад открытого урока по чеченской литературе на тему Дахаран генаш поэма А.Сулейманова (8 класс)

Содержание

УРОК Д1АЯЬХЬНАРГ: ГРОЗНЫЙ-Г1АЛИН №18 ЙОЛЧУ ЮККЪЕРЧУ ШКОЛАН НОХЧИЙН МЕТТАН ХЬЕХАРХО: МАГАМАДОВА РЕЗИДА АЛИЕВНА

Слайд 1 ЙИЛЛИНА УРОК 7 КЛАСС
Тема:« Дахаран генаш» поэма

(А.Сулейманов)
ЙИЛЛИНА УРОК   7 КЛАСС Тема:« Дахаран генаш» поэма (А.Сулейманов)

Слайд 2УРОК Д1АЯЬХЬНАРГ: ГРОЗНЫЙ-Г1АЛИН №18 ЙОЛЧУ ЮККЪЕРЧУ ШКОЛАН НОХЧИЙН МЕТТАН ХЬЕХАРХО:

МАГАМАДОВА РЕЗИДА АЛИЕВНА
УРОК Д1АЯЬХЬНАРГ: ГРОЗНЫЙ-Г1АЛИН №18 ЙОЛЧУ ЮККЪЕРЧУ ШКОЛАН НОХЧИЙН МЕТТАН ХЬЕХАРХО:

Слайд 3 1АЛАШОНАШ (ЦЕЛИ ) :
Кхеторан (познавательная) : поэмин чулацам бовзийтар;

дешархойн барта къамел кхиор; «Дахаран генаш» поэмин исбаьхьаллин башхаллаш йовзийтар;
Кхиоран (развивающая): кхеташ еша а, чулацамна т1ехь болх бан а,поэмин башхалла къасто а,маь1на даккха хаар а карадерзор.
Кхетош-кхиоран (воспитательная): поэмин хьехамех пайдаэца хаар; нохчийн литературе безам алсамбаккхар,иза к1орггера ешаре хьашт кхоллар.
Урокан тайпа (тип урока): хаарш кхиоран, т1еч1аг1даран иэйина(комбинированный).
Урокан некъаш( технологии):къамел дар; дешнашна т1ехь болх: 1аматца болх; фронтальни хеттар; тобанашкахь болх.
Белхан кеп (формы,приемы): къамел дар (беседа); хаттаршца (фронтально), проект яр (в командах).
1АЛАШОНАШ (ЦЕЛИ ) :Кхеторан (познавательная) : поэмин чулацам бовзийтар; дешархойн барта къамел кхиор; «Дахаран генаш»

Слайд 4УРОКАН БЕЛХАН НИЗАМ Д1АХ1ОТТОР (ОРГМОМЕНТ)

УРОКАН БЕЛХАН НИЗАМ Д1АХ1ОТТОР (ОРГМОМЕНТ)

Слайд 5 УРОК Д1АЯХЬАР
1.Урокан низам д1ах1оттор. Маршалла хаттар.


Хьехархо: Де дика хуьлда шу, хьоме хьеший, дешархой ! Дешархой: Диканца ехийла! (маршалла хотту.) Хьехархо: Охьаховша!
2. Дешархойн ойла дешарна т1еерзор Хьехархо: Бераш, вайн классан уьн т1ехь ду иштта дешнаш:
« …Д1аса къаьсташ дехар ду сан, доттаг1, хьоьга, даггара Хьуо т1ехь волу дахаран га ахь ма хададахьара….» (А.Сулейманов)
Хьехархо: Бераш, шуна дуккха а дахаран генаш девзина хир ду аша и поэма ц1ахь ешнехь, амма автора лардахьара бохурш уггар коьрта а , оьшуш дерш а ду. Уьш муьлхарш ду хаархьама а,ваьшна царах пайдаэцархьама а вай х1ун дан деза? Дешархой: Урокехь болх бан беза уьш муьлхарш ду хьажа. Хьехархо: Делахь, шу реза дуй х1окху урокехь и болх бина и хаарш карадерзо? Дешархой: Тхо кийча ду.
УРОК Д1АЯХЬАР  1.Урокан низам д1ах1оттор. Маршалла хаттар.

Слайд 6ДЕШАРХОЙН ОЙЛА УРОКАНА Т1ЕЕРЗОР (МОТИВАЦИЯ).





ДЕШАРХОЙН ОЙЛА УРОКАНА Т1ЕЕРЗОР  (МОТИВАЦИЯ).

Слайд 7Ц1АХЬ БАН БЕЛЛА БОЛХ ХАТТАР (АКТУАЛИЗАЦИЯ ЗНАНИЙ)
Хьехархо: Бераш, ас ц1ахь бан

х1ун болх беллера шуна? Дешархой: Тхуна ц1ахь бан беллаболх бара: поэма ешар, «Собар,тешам,яхь ,г1иллакх,къинхетам» бохучу дешнийн к1орггера маь1на даста аьлла, масалшца т1е а ч1аг1деш. Хьехархо: Муха ду «Собар» бохучу дешан маь1на? Дешархо: Собар-иза муьлхха хало шена т1ех1оттарх воха ца вухуш,ойла а йина,нийса маь1на дан хьекъал кхачар ду. Масала… Хьехархо: «Тешам» бохучу дашах муха кхета шу? Дешархо: Тешам-иза хьаг1 я хьарамло йоцуш, ц1енчу даггара хьанал хилар ду адамашца а,садолчу дийнаташца а. Масала…. Хьехархо: «Яхь» бохучу дашо х1ун маь1на леладо вайн дахарехь? Дешархо: Яхь шинатайпана ю: оьзда а,харц а. Оьзда яхь –иза дикачу г1уллакхашна т1ехь шена юххерчул а, массо а нахал хьалхавала,тола г1ертар ду. Масала…
Ц1АХЬ БАН БЕЛЛА БОЛХ ХАТТАР (АКТУАЛИЗАЦИЯ ЗНАНИЙ)Хьехархо: Бераш, ас ц1ахь бан х1ун болх беллера шуна?

Слайд 9ХЬЕХАРХО: Х1ИНЦА ХЬАН ЭР ДАРА Г1ИЛЛАКХ СТЕНАХ ОЛУ?

ДЕШАРХО: Г1ИЛЛАКХ –ИЗА АДАМАША ВОВШАШЦА ЛЕЛОЧУ ХАЗАЧУ ЮКЪАМЕТТИГИЙН КЕП Ю.

Хьехархо: «Къинхетам» бохург х1ун ду? Иза стенна оьшу вайн дахарехь? Дешархо: Къинхетам-иза шел г1ийла,г1орасиз долчу адамах а,садолчу х1уманах а доглозуш а,цунна эшначох г1одеш а хилар ду. Къинхетамо латтош ду дуьне а, дахар а. Адамашна юкъара иза д1абаьлча ,адамаша вовшийн х1аллакдо,т1емаш бо. Хьехархо: Хьоме бераш,шу нийса кхета оцу дешнийн маь1нех. Бераш, вай х1инца аша бинчу белхан жам1 дийр ду ,х1ора шун нийсачу жоьпана 1(цхьацца) балл (конфеташ) а луш. (Хьехархочунна г1о дечу дешархочо д1ало 5 балл, нийса жоьпаш деллачарна.)

ХЬЕХАРХО: Х1ИНЦА ХЬАН ЭР ДАРА Г1ИЛЛАКХ СТЕНАХ ОЛУ?

Слайд 10ПОЭМЕХ 1АМИЙНАРГ Т1ЕЧ1АГ1ДАР (ЗАКРЕПЛЕНИЕ)



ПОЭМЕХ 1АМИЙНАРГ Т1ЕЧ1АГ1ДАР (ЗАКРЕПЛЕНИЕ)

Слайд 11ХАТТАРШЦА ЧУЛАЦАМНА Т1ЕХЬ БОЛХ (РАБОТА НАД ТЕКСТОМ)
Хьехархо: Бераш,х1инца шаьш ешначу поэмин

чулацам дага а боуьйтуш,хаттаршца поэмин чулацамна т1ехь болх бийр бу вай. Хьан эр дара муьхачу барамехь язйина ю Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» поэма? Рифма а къастае. Дешархо: Иза хорей ю,ж1аре рифма а йолуш. Хьехархо: Муьлхачу суртх1отторан г1ирсех пайдаэцна автора шен говзарехь дукхахьолахь? Дешархо: Поэмехь эпитеташ,дустарш, метафораш ю дукхахьолахь. Хьехархо: Бераш, уггар коьрта, вайн дахар латтош долу га муьлхарг ду боху поэта? Д1адеша поэми т1ера и дешнаш. Дешархо: Уггар коьрта къинхетам бу боху автора ишттачу дешнашца:
…Къинхетам бу дахар латтош,
Ма го и д1абаьлла де, Къиза адам лаьтта даг1ахь, Дуьне дагош, ер ю ц1е…, -боху цо.
ХАТТАРШЦА ЧУЛАЦАМНА Т1ЕХЬ БОЛХ (РАБОТА НАД ТЕКСТОМ)Хьехархо: Бераш,х1инца шаьш ешначу поэмин чулацам дага а боуьйтуш,хаттаршца поэмин чулацамна

Слайд 12ХЬЕХАРХО: ДОТТАГ1АЛЛЕХ Х1УН БОХУ АВТОРА?
Дешархо: «Доттаг1аллаш ма хедаде,ушша-м вайна оьшуш

дай! Шад ца хуьлуш хотталац-кха хадахь, доттаг1аллин тай… »
ХЬЕХАРХО:  ДОТТАГ1АЛЛЕХ Х1УН БОХУ АВТОРА?Дешархо: «Доттаг1аллаш ма хедаде,ушша-м вайна оьшуш дай!

Слайд 13ХЬЕХАРХО: ЧИНЕХ УГГАР А ЛЕКХА ЧИН МУЬЛХАРГ ДУ БОХУ ПОЭТА?
Дешархо:

Чинех уггар лакхарчарех Ду хьуна к1ант- къонаха! Цу чине хьо кхаьчна вацахь, Лахал хьажий гонаха… Хьехархо: Шу муха кхета «къонаха» бохучу дашах? Дешархо: Къонахалла-иза шен халкъан дуьхьа вахар,иэшначохь шен са ца кхоор ду. (Масал даладо). Хьехархо: Кху дуьнент1ехь уггар а иэхье х1ун лерина поэта? Дешархо: Кху дуьнент1ехь уггар а иэхье дерг –иза к1анта шен дена тешнабехк бар ду. Хьехархо: Дена муха бийр бу тешнабехк? Дешархо: Нагахь и к1ант осала кхиънехь,г1иллакхаш,г1уллакхаш хедо валахь ,безам,тешам байинехъ, и к1ант осала ву,т1аккха шен к1ант хьалакхиъча шена цунах дегайовхо а, г1ортор а, хир ю бохуш 1ийначу дена тешнабехк хуьлу.
ХЬЕХАРХО: ЧИНЕХ УГГАР А ЛЕКХА ЧИН МУЬЛХАРГ ДУ БОХУ ПОЭТА? Дешархо: Чинех уггар лакхарчарех

Слайд 15ХЬЕХАРХО: НЕНАН А, БЕРАН А БЕЗАМ МУХА ГОЙТУ ПОЭТА?
Дешархо: «Сийлахь

Нана, Хастам хьуна! Берийн дуьхьа яьхна хьо! Генахь хиларх ,тхаьш мацделча, Хьан комаьрша куьйгаш го….»,- боху автора. « Ялсамане а ненан когашкахь ю» ,- олу дешначу наха а... Хьехархо: Уггар а ч1ог1а лардан дезарг х1ун ду боху автора дахарехь? Дешархо: Сий ду боху автора уггар а чог1а лардан дезарг. Хьехархо: Х1ун ду стаг хазвийриг? Духаро хазвой стаг? Дешархо: Стаг духаро ца хазво, цуьнан г1иллакхо,собаро, амало хазво. Хьехархо: Жоьжахате шен хилча,мила вохуьйтур вара боху цо ша цу чу? Дешархо: Тешам,яхь йоцу нах бухкур бара ша боху цо цу чу. Хьехархо: Уггар а адамехь хила дезарг х1ун ду, мел халачу хьолехь иза велахь а? Дешархо: Муьлххачу а хьолехь велахь а,собар хила деза стагехь.
ХЬЕХАРХО: НЕНАН А, БЕРАН А БЕЗАМ МУХА ГОЙТУ ПОЭТА? Дешархо: «Сийлахь Нана, Хастам хьуна!

Слайд 17ХЬЕХАРХО : МУХА Ю ПОЭТАН ШЕН МАТТАЦА ЙОЛУ УЬЙР?
Дешархо:
« Воккхаве

со хьуна хуучу , Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш 1амо беза Хьуна уьш ца моьттинехь»,- боху поэта.
Хьехархо: «Хьажал , доттаг1 , дош а даккха, шаьлта санна, баттара» бохучух муха кхета шу? Дешархо: Оьшучохь дош а ду боху,шаьлта санна, герз, цуьнах а пайдаэца боху. Сулейманов Ахьмадан х1окху дешнаша а ч1аг1до иза:
« Говза дошший,тоьпан дашший, Дайша нийса лерина. Шаьлтане ца хададелларг Дайша дашца дерина»
ХЬЕХАРХО : МУХА Ю ПОЭТАН ШЕН МАТТАЦА ЙОЛУ УЬЙР?Дешархо: « Воккхаве со хьуна хуучу ,

Слайд 18САДА1АРАН МИНОТ (ФИЗМИНУТКА)

САДА1АРАН МИНОТ (ФИЗМИНУТКА)

Слайд 19КХОЛЛАРАЛЛИН БОЛХ (ПРОЕКТ )
Хьехархо: Бераш, шу дика кхетта оцу поэмин чулацаах

а, исбаьхьаллин башхаллех а.Х1инца вай кхоллараллин болх бийр бу,тобанашкахь. (Пхеа тобане боькъудешархой,ц1ахь маь1наш даста деллачу дешнийн ц1ераш а тохкуш.) Поэми т1ехь ма-баххара,вайн дахар –иза дитт ду, вайн классан уьн т1е д1атоьхна долчу суьрта т1ехь долу,амма цуьнан генаш дац.Уьш дакъаделаа,х1унда аьлча, цхьацца бахьанашца вай уьш 1алашдан ца кхиъна дела.Ткъа х1инца вайн декхар ду и генаш,дахарна уггар а ч1ог1а оьшуш ду аьлла хетарш,кеч а дина, оцу диттана т1едог1а. (Х1ора а тобано цхьацца га кечдо) И га ч1ог1а оьшуш хиларна тоьшаллина дало деза цунна дог1у кица,я синквейн,я поэми т1ера дешнаш (т1едиллар шайна луъург харжа йиш ю). Мах хадор: 3-а т1едилларна- 3 балл; 2-на т1едилларна-2 балл; 1-на т1едилларна-1 балл.
КХОЛЛАРАЛЛИН БОЛХ (ПРОЕКТ )Хьехархо: Бераш, шу дика кхетта оцу поэмин чулацаах а, исбаьхьаллин башхаллех а.Х1инца вай кхоллараллин

Слайд 20КХОЛЛАРАЛЛИН БОЛХ (ПРОЕКТ).




КХОЛЛАРАЛЛИН БОЛХ  (ПРОЕКТ).

Слайд 21ПРОЕКТАН БОЛХ ТАЛЛАР (ЗАЩИТА ПРОЕКТА)

ПРОЕКТАН БОЛХ ТАЛЛАР (ЗАЩИТА ПРОЕКТА)

Слайд 22ДЕРЗОРАН ДОШ (ЗАКРЕПЛЕНИЕ)
Хьехархо: Хьоме бераш, аша и генаш т1едоьг1ча хазделин

оцу диттан сурт? Иштта, вайн дахар а ду оцу генех (собар,яхь, тешам,г1иллакх,къинхетам и д1.кх.) лаьтташ. Цундела вешан дахаран генаш кхин д1а а лар а деш,кхио деза-кх вай. «Д1асакъаьсташ дехар ду сан, Доттаг1, хьоьга т1аьххьара: Хьуо т1ехь волу дахаран га Ахь ма хададахьара»,- бохуш весет до поэта поэма чекхйолуш. Бераш, хьаьнга деш ду цо и весет? Хьан лардан деза и генаш? Дешархой: И весет автора вайга,х1оранга а, деш ду, и генаш вай массара а лардан дезаш ду. Хьехархо: Нийса ду. Дала хьекъал а, хьуьнар а,ницкъ а могшалла а лойла вайна и генаш кег а ца деш,вешан дахаран дитт шен хазчу куьцехь, авторна ма-лаъара,кхиа а дина, т1аьхьенна совг1атна дита!
ДЕРЗОРАН ДОШ  (ЗАКРЕПЛЕНИЕ)Хьехархо: Хьоме бераш, аша и генаш т1едоьг1ча хазделин оцу диттан сурт? Иштта, вайн дахар

Слайд 23ЖАМ1 ДАР. (РЕФЛЕКСИЯ)
Хьехархо: Бераш, чекхдаха х1ара мог1анаш шайн жоьпашца:

1. Тахана суна хии______________________________________ 2. Хьалха суна цахаара _______________________________ 3. Хало дара ___________________________________________ 4. И хало д1аяккха г1о дира_____________________________ 5. Х1инцачул т1аьхьа аса_______________________________ (Дешархоша болх бо предложенеш чекхйохуш).
Хьехархо: Хьоме бераш, вайн урок д1айолалуш аша суна тешам белира, шаьш авторан весет кхочушдарна оьшу хаарш лохуш урокехь къахьоьгур ду аьлла. Аша шайн дош кхочушди. Аша шаьш хадий шайн белхан мах а. Цундела аса а и тешам боху га лар а дина, шуьгарчу мерзачу баллийн (конфетийн) хьесап а дина, оценкаш х1иттор ю. Шу хьекъале бераш хилла! (Оценкаш х1иттайо, журнала а, дневника а т1е).
ЖАМ1 ДАР. (РЕФЛЕКСИЯ)Хьехархо: Бераш, чекхдаха х1ара мог1анаш шайн жоьпашца:

Слайд 24 Ц1ахь бан болх:

1. Хасбулатов Ямлиханан дахарх а, кхоллараллех а лаций хаамаш кечбе т1ейог1учу урокана (луучо доклад-презентаци ян мегар ду).
2.Даймахках а,1аламах а лаций 8-10 кица кечде дало я цхьа стихотворени ( 2-3 б1ог1амалг) дагахь 1амае юха схьайийца...

Цу т1ехь вайн урокана лерина хан чекхъели.
Баркалла урокехь дакъалацарна!
1одика йойла шун!


Ц1ахь бан болх:

Что такое shareslide.ru?

Это сайт презентаций, где можно хранить и обмениваться своими презентациями, докладами, проектами, шаблонами в формате PowerPoint с другими пользователями. Мы помогаем школьникам, студентам, учителям, преподавателям хранить и обмениваться учебными материалами.


Для правообладателей

Яндекс.Метрика

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть